Нохчийн меттен Денна Указан 10 шо кхачар
31.01.2017Вайн доккхачу дуьненчохь инзаре дукха къаьмнаш ду, инзаре дукха меттанаш а бу. Цу къаьмнийн дукхаллехь цхьа къам ду Нохчий, цу меттнийн шорталлехь цхьа мотт бу – нохчийн.
Вайн доккхачу дуьненчохь инзаре дукха къаьмнаш ду, инзаре дукха меттанаш а бу. Цу къаьмнийн дукхаллехь цхьа къам ду Нохчий, цу меттнийн шорталлехь цхьа мотт бу – нохчийн. Кху шарахь итт шо кхочу, ши эзар ворх1олг1ачу шарахь Нохчийн мехкан куьйгалхочо, Российн Турпалхо волчу Рамзан-Хьаьжа Кадыровс ши б1е ворх1олг1ачу лоьмарца указ даьккхина, Нохчийн меттан де билгал доккхуш. Иза ч1ог1а мехалла хилам бу х1ора а нохчочун дахарехь! Нохчийн мотт к1орггера хьехарехь, цуьнан йист йоцу дозанаш довзарехь, исбаьхьалла гайтарехь боккха кхиам бу иза. Мотт - иза х1ора а къоман куьзга ду. Луьрачу т1емашкахь шен хьал ца дойъуш, дайн г1иллакхаш, 1адаташ лардина, вайга т1екхуьучу чкъуре схьакхечна - Ненан мотт. Вайн къомо мах боцу жовх1ар санна, лерина шен мотт. Ишта цуьнца доьзна долу дерриге а х1уманаш а. Х1унда аьлча, иза уггаре а хьалха къам хилар билгало ю, т1аккха цуьнан башхаллаш, кхечу къаьмнашна юккъахь тоьлла хилар а. Таханалерачу дийнахь Нохчийн къоман Куьйгалхочо, Российн Турпалхо волчу Ахьмад-Хьаьжийн Рамзанас барам а боцуш къа хьоьгу, вайн Ненан мотт баржорехь, цуьнан хазалла гайтарехь, х1ора а денца массо а аг1ор и кхио, дуьненан массо а маь11ехь хьелаш кхуллуш, нохчийн яздархойн, хьехархойн белхашна т1е къаьсстина тидам бохуьйтуш. Тахана вайна доккха масала ду иза. Цуьнан болх мел хала хиллехь а, къам лардарех боккха кхиамш бу цуьнан. Х1унда аьлча, вай лелош долу,1адаташ довзийтинарг, г1иллакх-оьздангалла , сий-лерам, собар-яхь боху, синмехаллаш вайна юккъахь яржийнарг иза ву. Ткъа х1инца уьш лардар вайна т1ехь ду. Сов къинхетаме волчу Аллах1а, дийно-дийно сов бохийла вайна и тайпа яхь йолу къонахий а, оьзда мехкарий а.