Нохчийн меттан г1аролхой

21.02.2017

Нохчийн меттан г1аролхой

Нохчийн исбаьхьаллин литературехь йоккха меттиг д1алоцуш ю Мамакаев Мохьмадан кхолларалла. Мамакаев Мохьмада, кхечу баккхийчу яздархоша а санна, шен тоьллачу произведенешца исбаьхьаллин хазна йиллина нохчийн литератури юкъа. Мехала ю яздархочун кхолларалла къоман исбаьхьаллин культура кхиарехь.Мамакаев Мохьмад вина 1910-чу шеран 16-чу декабрехь Ачхой – Мартант1ахь. Мамакаев Мохьмад яздан волавелла шен 15-16 шо долчу хенахь. Х1етахь шен ерриге а стихаш дагахь хууш хилла цунна, накъосташна хьалха боккхачу лаамца йоьшуш а хилла цо уьш. Поэтан дуьххьарлера стихотворенеш арайийлина «Серло» газетан аг1онаш т1ехь. Цуьнан стихотворенийн хьалхара книга зорбатоьхна 1930-чу шарахь. «Доттаг1алла» ц1е а йолуш поэтан дуьххьарлера сборник ю иза. Оццу шарахь арайолу Мамакаев Мохьмадан «Коминтерни» ц1е йолу очерк а.Кхин цхьа шо даьлча, поэтан стихотворенийн шолг1а сборник а арайолу. «Ч1ег1ардиг» ц1е йолчу оцу сборник т1ехь авторан шен,кхечарах къаьсташ, исбаьхьаллин хат1 хилар гойтуш йолу стихотворенеш ю уьш.1930-чу шерашкахь Мамакаев Мохьмад хаддаза даъалоцуш хилла Нохчийчоьнан литературни дахарехь.Мамакаев Мохьмадан поэтически пох1ма кхоччуш схьаделладелира 50-60 шерашкахь. Маь1ни к1оргалла, исбаьхьаллин говзалла шайца йолу дуккха а произведенеш язйо Мамакаев Мохьмада поэзехь а, прозехь а. Нохчийн а оьрсийн а меттанашкахь ткъех сов книга араяьлла цуьнан оцу 15-16 шарахь. Царах ю поэтически сборникаш «Сан некъан кехат» (1958), «Хаьржинарш» (1962), «Со вуха ваг1ур ву» (1963), «Т1улгаша а дуьйцу» (1966), «Утро над Аргуном» (1958), «Разговор с матерью» (1959), «Дуб над Ассой» (1961), «И камни говорят» (1968), прозин книгаш «Ша меттахбаьлла» (1957), «Даймехкан некъаш» (1960), романаш «Революцин мурд» (1962), «Зеламха» (1968).Мамакаев Мохьмад шен произведенешкахь даиманна а халкъаца, махкаца ву. Уггаре лекхара дарж лору цо шен къоман поэт хилар. Вонехь а, диканехь а нахаца цхьана хилар ду цо коьрта лоруш дерг. Адамийн хьашташца, заманан лехамашца цхьана деттало цуьнан лирически турпалхочун дог. Доьналлин стаг ву поэтан лирически турпалхо, ондда дека цуьнан аз, шуьйра ойлайо цо заманах, адамийн дахар