Нохчийн меттан керла учебникаш.

30.12.2017

Нохчийн меттан а, литературин а учебникашна лерина дешаран-методикийн комплекс вовшахтохаран гIуллакх дийцаре даран Iалашонца кхеташо хилира Нохчийн Республикин дешар кхиоран Институтехь.

Нохчийн меттан а, литературин а учебникашна лерина дешаран-методикийн комплекс вовшахтохаран гIуллакх дийцаре даран Iалашонца кхеташо хилира Нохчийн Республикин дешар кхиоран Институтехь. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила дакъалецира цигахь.Дешар кхиоран институто хIинцале а кечйина 5-чу классера 9-чу классашка кхаччалц нохчийн меттан а, 5-чу классера 7-чу классашка кхаччалц нохчийн литературин а учебникашна лерина йолу дешаран-методикаш. Ткъа 10-11-чуй классашна лерина йолчу нохчийн меттан а, 8-чу классера 11-чу классашка кхаччалц йолчу литературин а дешаран-методикаш вовшахтохаран авторийн тоба а кхоьллина.Кхеташонехь дийцира бIаьста оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь Нохчийн меттан жамIашдаран республикин диктант язъечарна гIоьнналлин материалаш вовшахтохарх лаьцна а. Байханов ИсмаьIала элира: "Нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а мел хуьлу кхиамаш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дешаран хьаьрма кхиор нийсачу новкъахь хиларна тоьшалла ду. ДIадаханчу 2017-чу шарахь вайн министерствос республикин ерриге а кIошташкарчу школашкахь Этнографин "Сан мохк" диктант язъяйтира.ХIинца министерство нохчийн меттан диктант язъяйтаран гIуллакхна оьшуш долчунна кечамаш беш ю. Цул сов, нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юкъахь нохчийн маттахь бинчу кхоллараллин белхийн конкурс дIаяхьа а дагахь ду тхо". Кхеташонан болх берзош И.Байхановс Сийлаллин грамоташ а, ахчан совгIаташ а делира нохчийн меттан а, литературин а учебникашна дешаран-методикаш вовшахтухуш къахьегначу авторшна.