Этнографически диктант"Сан дог.хьо деттало къахьоьгуш халкъана"
25.02.20192019 шеран чиллан беттан 28 –чу дийнахь Мамакаев 1аьрбин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна «Сан дог,хьо деттало къахьоьгуш халкъана» ц1е йолу региональни этнографически диктант д1ахьур ю Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствон куьйгаллийца.
Нохчийн матте болу безам а, цуьнан вайн дахарехь лелар а совдаккха , Нохчийн Республикин бахархойн ненан маттах долу хаарш алсамдаха 1алашонца язъеш ю диктант.